Статистика ВК сообщества "Хьехам"

0+
Бусулба Нохчийчоь

Графики роста подписчиков

Лучшие посты

"Хlай кегийрахой! Тlейогlучу заманахь, шуна мичахь карор бу дика хlусам-наной, шуна бераш дика кхиор долуш, аша шаьш уьш тахана галбохуш хилча?!"

[Ан-назара́т, ал-Манфалу́тlи]

0 0 ER 0.1047
«Хьой АллахIах гена воккхуш болчу нахах хьой гена валалахь! АллахIаца йолу хьайн юкъаметтиг тоелахь, lожалла герга ю, иза (маца тlе йогlур ю) хенан хаттар ду хьуна! Хlора а адам марчо юкъа хьарчадина, кошан чудуьллур долуш ду, тlаккха цигахь уьйра эца цунна карор ма яц шен дика lамал бен!»

Шайх Халид ас-Сабт (Сийлахь волчу АллахIа lалашвойла иза).

0 0 ER 0.1050
«История свидетельствует что каждая нация, которая подвергалась испытанию, мужчин в мужестве и ревности, а женщин в женственности и материнстве, и затем стали среди них распространяться такие явления как: безнравственность в одежде, соперничество женщин с мужчинами в их делах, и нежелание женщин заниматься домашними делами, и ненависть к рождаемости, что звезда этой нации угасает, их солнце приближается к закату, и останутся они лишь былью после своего существования.
Таковым был конец империй греков, римлян и персов. Сегодня Европа тоже двигается в этом направлении, и пусть [исламский] мир остерегается такого страшно конца.»

© Абул-Хьасан ан-Надвый.

3 0 ER 0.1572
ТАРЗАНАШ.

Хlара могlнаш яздан лууш яздеш дац аса, делахь харц долчунна инкарло яр декхар хиларна, яздан дезаш хиларна яздеш ду. АллахI ву-кх Гlоьнча.

Аьхкенан денош довха ду, къаьстина Август баттахь йолчу йовхоно вайна гойту адам мел гlийла хlума ю, иза мел доккхачу даржане кхаьчна кураллаш лело гlертарх а. Иштта вайна оцу йовхонехь хьехам бу, цо вайна дагадоуьйту Къемат дийнахь малх махьшар-майдане герга балийначу дийнахь, деригге халкъана юккъахь Делан нийса йолу кхел ян схьа гулдинчу дийнахь йовхо дукха чӀогӀа хала хирг хилар. Иштта цо дагайоуьйту жоьжахтин йовхо, Сийлахь волчу АллахIа лардойла вай цунах!

Адам тlаккха хьаште хуьлу йовхо тlе еъча садаlаре а, и йовхо шена лан атта хир долчу метте ара дала а, масала хин тlе, я хlордан тlе садаlа дагlа.

Вайна массарна гуш, доьвзуш хlума ду аса хlинца хьахора дерг.

Гиний шуна хин йистехь лийча дагlча цигахь луьчуш турсишца боьвла кегий нах, баккхий нах?! Хlаъ, турсишца бевла?! Вайн Делора, ма ирча хуьлу-кх и тайпа нах гича! Ванах эца нахана Ӏоврат кхечу нахана гайтар хьарам дуй ца хаьа теша, ур-атталла царна гонахь берш тегарий белахь а?! Девзиг (дойзаг) санна мажа йина цхьаъ схьа веана хин йисте, турсица ваьлла лийча хоьттича, со ла ца леш дийна муха висан хӀинца а кхеташ вац со!

Уггар хаза хӀун дай, оцу вайн тарзанашна кхи верг шайн гена воцуш шен Ӏоврат хуьлдина луьчуш гича цецбуьйлу уьш!

Турсица ваьлла гӀала юккъахь лелара варий хьо? Я турсица ваьлла юьртахь лелар варий хьо? Я турсица ваьлла газель, я автобус чухуур варий хьо? Вацар дера! Изза хьал ма ду хьо лийча вагӀанчохь, гондахьа луьчуш нах болуш хьо турсица ваьлла лийчар. Къилахь ма ду хьуна иза а!!!

Ӏеламнаха кьеггина схьа бохуш ма ду Ӏоврат стаго а, зудчо а гайта мегаш дац, цхьа коьрта хьашт хилча бен, масала операци йойтуш, я лечени йойтуш, иштта кхин дӀа а, шарӀо хьашт лерина долчехь бен. ТӀаккха хьуна мичар даьлла хьайн Ӏоврат гойтуш нахана юкъахь тарзан ваьлла лийчар?!

Уггаре сингаттаме дерг хӀун дай, и цхьа долу хиш некъа йистехь ду, тӀаккха и тарзанаш цигахь шайн турсишца лийча хlоьттича, некъахула тӀех юйьлуш машенаш хуьлу, царна го уьш. Оцу машенаш чохь вайн доьзалш хуьлу шуна, вайн наной хуьлу шуна, вайн йижарий хуьлу шуна, хӀусам-наной хуьлу шуна, дай а, дедай а хуьлу шуна! Тарзанаш-м шай турсишца боьвла луьчуш хуьлу шек дӀа а боцуш, кхин башха генара ойла ца еш!

Цхьана стагна шен доьзалцани, цхьана хина йисте вагlа лиъча жижиг доттуш, берашка садоӀуьйтуш, хин чохь уьш луьйчура а болуш. Шайн Делора, царна хӀун гура ду алийша цигахь?!

Къайла даха шайн Ӏовраташ, къайла яха шайн бумзи-турсиш, хенан баккхий нах аша къайла даха шайн гайнаш, букъ тӀера чоьш, шуьна уьш дегаза ца хетахь а, нахана тӀех сов дегаз ду уьш.

Хийланза вежарш олуш ду: ВалЛахlи, ванах кхузахь доьзалца садаlа вагlа меттиг йисан ма яц, и тарзанаш бахьанехь!

Вайн къинош иштта а кӀезга дацара, гибоьттина къинош ду вай летош, тӀоьхула тӀе кхин а къинош стен лета до вай, дерзина догӀцмашца доьвла садоӀу бохуш?

Цхьадолчу хьолехь вежарш ма-дийццара: цхьаберш деригге дегӀ дерзана доккхий луьчуш меттигаш хуьулу.- олу... Шегахь эхь-бехк доцуш волчо ур-атталла йешап цхьана цецца-м доккхур ду!

Хала хӀумма ма дац, ойла йича, эца цхьа майка, я футболка йоьхна, голлалца йолу шортик йоьхчахьана чекх долуш ма дар иза, делахь неӀалте долу иблисан а, совет Ӏедалан телхана болу кхетамашна а тӀехьа дозуш доьлхуш ду-кх вай, АллахIан къинхетам хьалха ца балахь!

Уггаре тамашийначух кхин а хӀун дай? Эца тарзанашна варий-дай тӀех тухуш, я цаьрга уьш буьйцуш цхьа а вац! Иштта меттехь бийца богӀуш бацар ванах варий-дай цаьрга шайн Ӏовраташ дӀахьулдайта? ХӀан-хӀа бацар, цаьрга уьш буьйцур бац, уьш дlогара цӀена Элчанна (ﷺ) суннат лелош болу кегийрахошка буьйцур бу вай!!! Хьуна ма моьтту дац шадериг!

Вайн беламе хета тарло хӀара тайпа хlума, делахь а, и тайпа къинош вайна гушшехь, вай инкарло ца яхь, оцу къано иштта дӀа дитахь андий орамаш туьйсура ду шуна, югӀа кхана-лама уьш дlадаха вайна кхин а хала хира ду шуна! Къинош вайна юкъахь даьржича цуьнан дӀоьвше стоьмаш вай массаара а даа дезар ду шуна, церан вон чеккхе вайга массарга а кхочура ю шуна! Ма хийланза шортта охьа догӀуш даккхий хиш дар вайн хьалха, яккхий айманаш а йолуш, тӀаккха хӀинца хьовсийша мел чӀогӀа хиш лаха делла вайна, мел дукха шовданаш дакъаделла! Бахаьн хӀун ду? Вай летош долу къинош ду, вай царна ца яьш йолу инкарло а ю!

Кхана-лама цхьана зуда ялочу тойнехь хуьлийла иза, я цхьана кхечанхьа хуьлийла иза, вай хьахийна волу турсица ваьлла хи тӀехь луьйчуш хилла верг тоьшалла дан веъча хӀун хира ду хаьий шуна? Цуьнга эра ду-кх: Ванаха хьастагӀа турсица ваьлла, нахана Ӏоврат гойтуш хи йистехь луьйчуш хилларг вац хьо? ХӀан-хӀа хьо тоьшаллийна къобал веш вац шариӀатехь, дӀавало, эра ду цуьнга!

Сийлахь волчу АллахIа къинхетам бойла вайх, Шен хаздолчу Ислам-дине югlадерза дойла Цо вай, Шен къинхетамца.

Вай хьахийна долчу къамелан дин агӀора бух лоьхуш верг хӀокху жайнеш чу хьожийла:

"Ифа́датус-са́датил-Ӏумад" 186, "Ат-тадри́б фил-фикъхӀиш-ша́фиӀий" (4/367), "Равдатут-тӀо́либийн" (7/376) , "Ал-Ӏуба́б лил-Музажжад" (3/568).

1 0 ER 0.1045
Имам ан-Нававис (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:

(Хьаж я lумрат) деш йолчу зудчунна хьарам ду хийра стеграшка дlа хьежар тlаваф дечу хенахь а, lарафат лам тlехь сецначу хенахь а, йоьдуш-йогlуш а, иштта массо хенахь а, нагахь санна дlахьажа оьшуш хьашт кхолделла хIума дацахь, масала йохк-эцар лелош, я дарба лелош, я тоьшаллийна, иштта и тайпа кхин долу хьолехь.

[Мансакун ятаlаллакъу бихьа'жжил-маръахl, агIо: 38]

1 0 ER 0.1049
«ДувайӀата ал-Анса́рийс элира: суна хезира Ӏумар ибнул-ХаттӀаба цхьана стагна хьехам беш олуш:

«Хьайн бала боцург ма дийцалахь!
Хьайн мостагӀчух гена валалахь!
Тешаме воцчу накъостах ларлолахь!
Цхьа а тешаме вац хьуна иза АллахӀах кхоьруш а, Цунна муьтӀаьхь а вацахь!
Боьхачу нахаца ма лелалахь, цара шайгара боьхалла хьоьхура ю хьуна!
Хьайн къайле ма йовзийталахь!
Хьайн гӀуллакхехь Делах кхоьруш болчу нахаца бен дага ма валалахь!»»

[Има́м ал-ХаттӀа́бий «Ал-Ӏузла» агӀо: 146]

0 0 ER 0.0874
Лоьман а, кхаъ стун а дийцар.

Лоьмана кхо сту карийна, цхьаъ Iаьржа хилла, важа цIен, важа кIай. Уьш дӀабаа лиъна лоьмана, делахь а, кхаамо духатоьхна, шайн латта тӀера лаьхкина иза.

ТIаккха доладелла лом стерчийна тIе муха кхочура дар те? Уьш цхьана болуш ницкъ а ма бу цаьргахь. - бохуш. ТIаккха сацам бина цо, цIен а, Iаьржа а ши сту болче а дахна дист хила, "шуьшинца цхьа а къовсам бац сан, шуьш сан ши доттагI бу, со мацалла ца дала кIай сту баа бен лууш а дацар, шуна хууш ма дай аса сайна лиъча шу дериш а эшор дуйла, делахь а со шуьшина вон болх бан лууш дац, суна безарг кIай сту бу." - аьлла лоьмо.
Дукха ойла а йина шин стуно, шеко а кхоллаелла цушинан дагахь, делахь а, паргIато а, тIом латто а шаьшшина цалаарна аьлла: «лом бакъ лоь, кIай сту баа бакъо яла еза вайшима цунна.» - аьлла шима.
Иштта бийра лоьмо кIай сту, цул тIаьхьа дуьзна, самукъане долуш буьйсанаш яьхьира цо.

Денош дIа оьхуш лом югIа а мац делира, югIа а ши сту болче деара иза, цу шинна тIелата гIоьртира иза, делахь а, духатуьйхира лом шина стуно, шаьшинах цхьа а лацийта аьтто ца балийтира цушима. Эццахь лоьмо шен хьалхалера хIилла лело долийра, Iаьржа стуне элира цо: «Ахьа соьга хIун де боху, цIен сту лаца бен лууш ма дацар со?!»
Iаьржа стуно жоп делира: «Изза элира ахьа кIай сту бууш а.»
Лоьмо элира: «Дакъаза ма бала хьо, хьуна хууш ма ду соьхь мел ницкъ бу а, со шуьший а цхьана эшо гIора долуш дуй а. Делахь а цIен сту безаш дацар со. Хьалха вай барт беш иза цуьнга ала ца лиир суна, цуьнга и барт ца бохабайта.»
Жимма ойла йира Iаьржа стуно, ойла а йина реза хила сацам бир цо, ша кхоьруш хиларна а, шена паргIато езарна а.

ШозлгIачу дийнахь лоьмо цIен сту бийна биира, цул тIаьхьа самукъане дуьзна долуш хаза денош даьхьира цо. Денош дIа оьхуш лом югIа а мац делира.

Эццахь дукха сиха Iаьржачу стуна тIелетира иза. Ша бала герга хилча, мохь туххуш элира стуно: «со бийна хиллера кIай сту бийначу дийнахь.»
Эццахь лоьмо хьере а хилла хаьттира: «цIен сту хIунда ца элира ахьа? И биъчий бен бисина ма бацар хьо цхьалха.»
Iаьржа стуно элира: «Цу дийнахь тхо дериш ларош болу барт бохийра аса а, тхайн коьрта сацамах юхабелира со а, ткъа цкъа юхаваьлларг даима юхавуьйлу, иштта аса кIай сту баа бакъо елчу дийнахь со баа бакъо елла хиллера аса хьуна.»

Кху масало гойту барт а, цхьаалла а мел коьрта ю.

Гоьмукъаш цхьанатоьхча каг ца ло уьш,
Делахь а хIора а ша-ша яьккхича кагло царах.

1 0 ER 0.0873
ВАТСАПП ПЛЮС

«Хаттар: Дlайса яхьийтинчух дlа яьхна йолчу хӀумане (статус, сообщени) хьожуьйтуш йолу функци чу яккхар.

Дала боху: «Вовшийн къайленаш ма леха!» [ал-Хьуджуро‌т, аят: 12]
Иштта Пайхамара а ﷺ аьлла: «Вовшийн сакхташ ма леха! Вовшийн къайленаш йовза ма гӀерта.»

Имам ал-БагӀавыйс (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «АллахӀа дихкина нехан къайленаш йовза гӀертар а, Дала хьулдина долу церан сакхташ довза гӀерташ царна тӀаьхьа ваьлла лелар а.»

Ибну Хьажар ал-ХӀайтамийс (АллахӀа къинхетам бойла цунах) шен «Аз-Зава‌джир» (2/32) олучу жайнахь аьлла: «Дала дихкина долу тӀаьхьа ваьлла лелар иза - нехан къайленаш Ӏад цайитар ду. Ца доьвзуш диснехь хьан дагна а, динан а гӀолехь долу хӀума довза гӀертар ду иза.»

Байттамал яӀ! И къайле йоьвзинчул тӀаьхьа стагна сингаттам а, нахах лаьцна вон ойла яр бен хуьлуш хӀумма а ца хилча хӀунда гӀерта те и къайле йовза?»

© Шайх Лаби‌б Нажи‌б.

3 0 ER 0.1222
Ибн lаббаса аьлла: "Нагахь санна хьайна цхьаьнан сакхташ хьахдан дагадеъча, хьайн сакхташ дагадахкийталахь!"

[Ирша́дул-lиба́д, агIо 385, Ал-Малийба́ри]

5 0 ER 0.1581
«Цхьадолу дас-нанас, бе́р пилёнкаш юкъахь долчу хенахь дуьйна дIа, и доьлхучура сацорхьама, "бlабу догlу!" - бохуш кхера а деш кхиадо. Делахь а, цушинна ца хаьа шаьшимма цунна дешдерг мел доккха зен ду! Бе́р жималлехь ша кlеда чlурам (свеча) санна ду, муьлхха а шена тlехь юьтуш йолу лар шеца юьсуш. Тlаккха и бе́р кхиина даьлча чlогlа кхоьруш хуьлу, жималлехь ша кхерош шена хьехийна долу сарташ сих-сиха дагаоьхуш. Шена уллехь хlумма ца хилча а, цхьаъ уллехь ю моьттуш, шена хlумма ца гича а, цхьаъ гина моьттуш. Дайн-нанойн гlалат бахьана долуш цу берийн дахар кхин дlа чlогlа кхоьруш хира ду».

"lизатун-на́шиийн", агlо 186, Шайх Мустlафа ал-Гlалайийний (Аллахlа къинхетам бойла цунах).

0 0 ER 0.0704