Йа АллахI! ГIелонехь бахкочу тхан вежаршна гIо де Ахьа.
Йа АллахI! Боккъалаъ, Хьо ву-кха гIоьнча а, агIонча а воцучу хенахь гIоьнча а, агIонча а верг.
Йа АллахI! Акъса маьждиг ларде Ахьа мекарлончийн мекарлонех.
Йа АллахI! Нажжаз жуьгтех паргIатдаккха Ахьа Акъса маьждиг.
Йа АллахI! Бусалба нехан хIонс е Ахьа жуьгтийн бахамаш.
Йа АллахI! Ираман а, Iадан а къаьмнаш санна, хIаллакбе Ахьа уьш.
Йа АллахI! ЖаIарийн охIла коча таса Ахьа жуьгташна. Жуьгтий коча таса Ахьа жаIарийн охIланна. Зуламхойн карах зуламхой хIаллакбе Ахьа. Мухьаммадан уммат маьрша даккха Ахьа царна юккъера.
Йа АллахI! Мухьаммадан умматан пачхьалкх дIахlоттае Ахьа бакъонан буха тIехь, дош цхьаъ де Ахьа церан Тавхьидан буха тIехь. ГIо де Ахьа царна! ГIо де Ахьа царна! ГIо де Ахьа царна!
Йа АллахI! Кхерам таса Ахьа церан дегнашка.
Йа АллахI! Пхенаш чохь цIий дакъаде Ахьа жуьгтийн.
Йа АллахI! Тхан доIанна жоп ло Ахьа. Амин!
Йа АллахI! Хьайн къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах ﷺ, цуьнан охIланах, асхьабех, массо бусалбанех!
Количество постов 7 477
Частота постов 12 часов 39 минут
ER
7.30
Нет на рекламных биржах
Графики роста подписчиков
Лучшие посты
Тхуна юккъехь хьан сийдар лелар ду хьуна, дуьненахь малханан леларах терра!
3.08.2018шо/3.08.2021шо.
Ц1е къайла йаккха.
3.08.2018шо/3.08.2021шо.
Ц1е къайла йаккха.
Дех-ненах, йиш-вашех вай къаста дезаш,
Тlебеъна и бала кийрахь лан безаш,
Аллахlе хаза собар вайн деха дезаш,
Маьл чlогlа хало ю вайна ган езаш...
Тlебеъна и бала кийрахь лан безаш,
Аллахlе хаза собар вайн деха дезаш,
Маьл чlогlа хало ю вайна ган езаш...
Ламаз оьцу ахь, хи барамал тIех дойу ахь. Хьижаб юху ахь, хийрачу нахана юкъа йолуш IатIар туху ахь. Марха кхобу ахь, нахана гIийбаташ до ахь. СагIа ло ахь, и гайта гIерта хьо... Хьайн дика Iамалш Iуьрг даьлла тIоьрмиг чохь ма гулйе.
#Масалийн хазна
Ассаламу 1алайкум! Сан г1алаташ нисдор аш)
Массийтта шерша хьалха ишколехь цхьа йо1 яра доьшуш. Со цхьа класс лакхара яр цул. Дика доьшуш, лелар оьзда долш, хьере йо1 яцара иза. Цундела хьехархошна дукхаезара. Царн дукхвезарг ишколехь вуьйцуш ма хуьлари)
И т1ех йолуш хена переменахь хийла ма кур ю и, дог 1аьржа хета шайна бохш хумш дуьйцур цхьаболчара. Цу хенахь иман г1ийл долш цхьам хьааьллаг бакъ хетар, цхьаьнна цо дина х1ума дочехь. Хиджаб лелош яцар эз. Я цо духар ду аьлла цхенна дага а дохур дацар. Нис юккъар еккхан цунах ойл хунд яра ца хаьа сун, хунд ца лелдо теш цо и бохш. Кхинаша болшахь и ца лелуш.
Школер доьвлича кхи суна гин яцар из. Шо хьалх гергара йиш еикх. Динехь лаьцна цхьац хуманш дуьйцаш ю хара, хиццалц бал кхечна боч йол, суна а керл хезш дерша т1аьхь . Г1ад йоьди ас хоттукх и хумш мичар 1еми хьун, хицц ма ду хьо «джаз» лоькхитш 1аш))
Цхьа йиш йоьвзин олукх цо, шен дик накъост йолш, духар лелош. Цо дуккха а хуманш 1амин шен оли. Диц деккхич и ас юьйц йо1 ю олукх цо. Хаал цец а елир со. Ишколехь хила ойлнаш даг ехкир сун. Аллах1ан цун дог хийцна лианехь тха цунах ххилл ойла нийса ц хиллакх оли холча а х1оьтти со. Иштт цул т1ехь диц дели сун и.
Х1иц х1окх деношкахь цхьан йишс накъостал ди сун со шен йоьвзаш йоччехь. Цунг баркал ал номер еккхин язйич, дийц деккхич юха и йо1 юкх))
МашаАллах1 боккъул Аллах1 хаз иман делл хиллер цун.
Къинтер еккхир ас и ишт сайн хетаршц. Сун ц1аа ахь духар лелур ду аьл даг дохур дацар эли ас.
Аллах1о дог хьа мух диллир дукх дицарш дицир охшим. Сун дагах кхетаг даркх цхьа х1ум.
Цу хенахь духар хунд ца лелдор ахь аьлч цо элакх ' Сун уллехь вацар цхьа и духар дох деза ал сун довзуьтур долш, ткъа Аллах1о Ша гайтир сун некъ, Цо гайтич цу минотехь хийца делира са хьал '
Ишколехь йолш со яр духар лелуш. Сун моттур сайн хуаш хилч массарна хаа дез. Интернет, телефон хуманц хинц санна дацар цу хен.
Цун т1еъяхан сай йишин сан хьехар ца дир ас. Цо ца тилларан бахьан цун из девзуш ца хилар хиллер. Со хила ма мегар цун и довзитнаг. Но са нис ца йин ойлано дохиркх и.
Со ал г1ертаг х1у ду: Адмах вуо ойла я сих ма лойла шу. Цун дик болх шайн лаахь т1еъ г1ой хьехар дойл аш уггар хьалх. Тахана сун динца сайл г1ийла хаьттарг солла алсам хуаш нис ели.
Аллах1 муьлха адми дог хийц йиш йолш ву шун!
Лаахь чекх йолитар ахь ц1е дайокхш.
Пайде хир ду дац хаац, ам сун цунах урок хилир.

"Оьзда воцу стаг, хьошалг1а веъча, дика кхаба, оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду."
Нохчийн г1иллакх - оьздангалла / Муса Ахмадов
-----------------------------------------------—
"Х1окху т1аьххьарчу т1амо бералла лачкъийначу вайнехан къоначу чкъурана лору ас х1ара жайна, царах оьзда нохчий, шайн мехкан юьхьк1аме къонахий хирг хиларх тешаш." М.Ахмадов

Сан хьоме йиша! Хьайна хаъхьара ма доккха дарж делла хьуна Массо хlуманна Эла Волчу Сийлахь Аллахla.
Тахана цхьа болу йижарий цlармат леларехь бехк чуьра божарийн хилар дуьйцуш дуккха а хьехамаш ду. Цхьа гlалате хlума долушшехь «Чохь боьрша стаг велхьара иштта хира дацара хьал» олу. Ткъа цкъа а ойла йиний ахь, хьоьх оццула дозалла а деш, оццул хьайх тешаш болу хьан да а, вежарий а, дерриге тайпа а, къаьхьачу дешнашца сийсаз муха дойту ахь хьайн гlалаташ бахьана долуш?
Шеко а йоцуш, божарий зударел а хьалхара коьрта меттиг лоцуш бу динехь. Шен доьзална lилма далар, кхабар а, доладар а боьршачу стеган декхар ду. Ткъа и бохург ма дац, нагахь хьан чохь хьуна lилман, дуьненан кхетам бала боьршачу стеган хан а, хьекъал а ца кхаьччи, ахь хьайн бехказло леха еза бохург, дерриге хьай къинош царна тlе а тоьттуш «Сан чохь болчара суна могуьйтуш хилча хьан хlу бала бу? Йа суна ца lамадина» бохуш. Маьлхан зlаьнарш хьайна ца кховдича, ахь кховдо а ма мега йовхо хьайн безачарна...
Тахана, lилма lамадан дуккха а аьттонаш белла вайн Аллахlа. Дуккха а жайнаш, хьехамаш ду интернет чохь, пайда эца йиш йолуш. Хьан чуьрчара хьуна магош йолу телпон чохьам дуккха а пайда эца хlуманаш дай хьуна-м, киношка ца хьежарх, эшаршка ла ца доьгlчи…Тахана, массеран а ма бу аьтто Аллахlан дин тlехь пайда бан а, lилм довза а.
Цкъа а ойла йиний ахь, Аллахlана хьан доьзална lилм хьоьгахула дlакхачадан лаара хила мега-кх хьан чохь и довзаза хилар аьлла?? Ца йинехь, хlинца е ахь.
Баккъалла а, ма доккха хlума ду иза, шен безaчарна керла хlума довзийтар, lамадар. Ма йоккха хlонс ю Аллахlа хьоьга йоккхуьйтуш. Ткъа ахь дуьхьала цхьа ша а ца яьккхича, хьан гlуллакх лаьтташ ма ду. Аллахlана хьоьгара цхьажимма бахьана ма оьшу. Ахь дина бахьана а доцуш хьуна цхьамма гlуллакх дийр ма дац.
Цхьа хаза масала ду хьуна:
Цхьана вашо дуьйцу:
«Сан йиша динаца пайда эца йоьлча, дукха хlума хийцаделира доьзалехь, доккха беркат хилира. Сан вежарийн тоба гулла еллачохь, шаьш ислам дин дийца дуьйладелчи, ас сих-сиха хьахдо цхьа хаза масала, сан йишера суна баьлла хила болу боккха пайда. И буьйцуш болу пайда бац хьун кхача хьалха билар, йа гlуллакхаш дар. И бара Сийлахь Везачу Аллахlан Лаам, Харжам а – Сан йишегахула Динан тlехь дог Аллахlа схьадаьллар. Ламазца, мархаца волш вара со, амма цул сов даьккхина долчу хlуманца ледара дар сан хьал.
Сан йишас Аллахl вовзийтира суна, динца суна цкъа а хезна доцу керла дуккха а хlума доьвзира суна, ламазца доьзна гlалаташ, йа дуlанца, кхин масне долу гlалаташ а нисдира сан. Цкъацкъа цо дуьйцучу хена, бlогlам санна лаьттара со, сай дагахь «Алхьамдулиллахl» бохуш. Сих-сиха сай накъосташца хьахдар нисло сан нийсачу кхетаман со тlеваран дийцарш. И дуьйцуш лаьтташехь сан коьртачохь сайна хаттар кхоллало «Ткъа муха веара со нийсачу дина тlе?» Цу хаттаран цхьа жоп бен кара ца до суна «Аллахlан Лаамца, Сан йиша бахьана долуш!»
Дозаллийца олу аса нийсонна тlе со валийнарг Аллахl ву, ткъа бахьана Аллахlана сан йиша хуьлийла лиира! Цул тlаьхьа, масане пайда хилира со цхьаъ нийсонна тlеварца, Аллахlана дика хаьа-кх. Ткъа и масала аса даладаран бахьана дара, динехь зудчуьнан еза меттиг гайтар, йижарийн сий довзийтар!
Ойла е ахьа, сан хьоме йиша! Ма-доккха дарж ду хьоьга кхочуш хьайн ийманца! Дерриге къам юьхьlаьржа хlоттадаларе терра зудчуьнга, и дерриге къам нисдан а тарло цхьана зудчо. Муха? Ара а яьлла хьехамаш бан йоллу иза нахана юккъе дlа а хlоьттина?
- Шен чохь Делан лоьмаш кхиадан йоллу-кх!
Уггаре бу боху къонахий кхиийнарш зударий бу хьуна!
Тахана, керистнах бу Ислам дино бусалба зударийн бакъонаш лоруш яц бохуш. Ткъа кхин хlyн бакъо оьшу зудчунна, Аллахlа харжам хьан кера дlабелла хилча Шен исбаьхьчу Динан серло хила, йа умматан lаьржа таммагl хила...
Дине ерза, сан хьоме йиша. Хьайн уллерчара хьуна беш пайда бацахь, и пайда бан хьо хьажа царна. Хlара тlаьххьара вай уммат нисдаларан бахьана хила йиш йолуш ю хьуна ХЬО!
Зударий бен ца буьйцу олу цхьаболчара, цхьа насыхьат шайна дича, ткъа хаий хьуна цуьнан бахьана?
- Бусалба динехь хьан меттиг лакхара хилар ду хьуна и! Хьо нисйалар - къам нисдалар, хьо талхар – къам гlелдалар...
Ийманехь болу Йижарий - умматан жовхlарш ду хьуна!
Аллахlа ийманехь сов дохийла вай!

Хьайн дийца Ислам динaца доьзна, хаза масала делахь, вайн кхуз чу схьадаийта, нахе а эцийта масала!
السلام عليكم ورحمة الله وبركاته!
Аш тидам биний, нехан сакхташ мел сиха нахала довлу?
Цхьаммо раз ког баккхахь а, оцу минотехь интернет чу а кхуссий, дуьне мел ду даржадо муьлха а сийсаза хlума.
Тlаккха хан мел йолу а, адамашна юккъехь мел эхье долу хlума а эхь долчара дlадолу. Цхьа бlегlийла доцу хlуманна 《наха дора иза-м》олу.
Ткъа хазачу гlиллакхийн масала даржадарехь хlунда дац вай иштта сутара?
Дийца хаза масалаш доцуш ма вац цхьа а вайх.
Хlоранна дахарехь шеца цхьана адамо лаьцначу хазачу гlиллакхо йитина лар хир ма ю дагчохь, хуьлийла иза динан тlехь чlагlвалар бахьана, хьиджаб дохар, керла суннат довзар, йа цхьамма накъосталла дина халонехь, йа шен бина болу бохаман гечдина шен бусалба вешина, масане хуьлу дийцарш, хьуна бойзаш а боццушехь.
Иштта дийцаран тlе хьо нисвелча, дуьххьара кхоллалуш йолу ойла хуьлу, дог а ойъуш : "Ма шаа Аллахl, къонаха вежарий, йижарий болш бу хlинца а, хир болуш а бу!"
Ткъа дикнарг вайн юккъехь сов мел долу а, хlора а масала эца гlертар ву.
Имам Маликан нанас, шен кlант хьуьжаре ваха кечвеш, цуьнга олуш хилла:
«Хlай, Малик, хьайн хьехархочуьнгара гlиллакх схьаэцалахь, lилманал хьалха».
Хьайн дийца Ислам динаца доьзна, хаза масала делахь, вайн кхуз чу схьадаийта, нахе а эцийта масала...
《Гlуллакх ша динчо дуьйцуш товш дац.
И гlуллакх шена динчо дуьйцуш тов》...

Адамо хьо къинтlера воккхучу хенахь, и дац хьун и гlалат ваьлла, хьо бакъ ву бохург...
Цунна ала лууш хила тарло хьуна шуьшинни юкъаметтиг шен дозалалла еза юйла.
Вай бехказдийларх даиманна вай нийса дац бохург дац, цхьайолчу хенахь цунах луарг:
вай кхечаьрца хlоттаеллачу юкъаметтиган хам беш, церан лерам беш хилар ду...

🆕ассаламу lалайкум варахьматуллахl
Тахан доьнзахь (14/08/2022) Къуръанан цхьац агlоъ, цунна тафсир а доьшуш дlа гlур ду вай Дала мукълахь. Тафсир оьрсийн маттахь хир ду хlунда аьлча иштта цхьана агlон тlе нислуш (цхьаттера эквивалент йолуш) суна гина дац тафсир. Иза Абу Адель олаш волу вайн вешо дин тафсир ду.
Вай бух йуьллур ю ше агlо (шуна ма гара) Къуръан агlоъ, цунна тафсир а.
Ша йешначо ешша аьлла тlе таlо дехар ду.
Хlокха вай Къуръанац йол постан репост йар а дехар ду. Кхичун хlара гаъ гин цуо кху юкъахь дакъа лацахь репост йин чунна мел хир бу Дала мукълахь. Вай группан реклам а хир йу.
Дийнахь цхьа агlо Къуръан дешар кlезг ду бусалб стеган/зудчун, амма вайн юкъахь изаъ ца доьшуш нах бу. Цундела жимчун тlера дуллуш вай ишшта жим бахьан дичаъ цунах пайд хиларе са туьйс.
Аллахlа беркате бойл хlара вайн болх жим балехь а.
P.S. сан нохчийн мотт дик бац, гlалаташ ду. Бехк ца билар доьху.
Авторан дешнашан юкъера:
"В круглых скобках стоят те слова, которые по правилам арабского языка подразумеваются в тексте, хоть и не сказаны напрямую. Текст в прямоугольных скобках необходимо читать, начиная словами "то есть"."